Курбан-Байрам
24.07.2020Дала г1урба къобал дойла вай!
Делера салам маршалла ду шоьга сан белха накъости, сан хьоме хаза бераш. Тахана х1ара вай хаза цхьана кхетар лерина ду г1урбан денна, Ибрах1иман (1.с.) г1урба олу цунах.Х1окху кегийра т1екхиорхошна г1урба бохург х1ун ду хоуьйтуш, цуьнан дозалла довзуьйтуш,бусулба динехь кхетам –кхиорца д1ахьур ю вай х1ара мероприяти.Пайхамарега (с.а.с.) хаьттина хилла ,мила ву адамашна юккъехь алсам зуьйш верг.Пайхамаро (с.а.с.) жоп делир Пайхамараш бу аьлла, цул т1аьхьа 1елам нах, дика нах, цул т1аьхьа царах тера берш.Стаг зуьйш ву Дала цуьнан имане хьаьжжина.Нагахь цхьа стаг шен динехь тасавелла велахь,динехь дика велахь, иза алсам зуй шву Дала, цуьнан ял алсам хилийтархьама, цуьнан къиношна гечдар хьама.Амма шен динехь г1ийла верг к1еззиг зуьйш ву.Дала адамаш кхоьллина Шена цхьанна 1ибадат дайта, цхьана х1уман т1ехь Шеца накъост ца лоцуш.Дала Пайхмараш ,эвлъяаш бахкийтина Дела цхьаъ вари,имане, хаза хилла долу г1иллакхе кхойкхуш нах.Пайхамарш, эвлъяаш дуккху хилла, церах цхьаъ Дала шен доттаг1 ву аьлла –Ибрах1им ву.
Ибрах1им пайхамара, Делера салам маршалла хуьлда цунна, дина г1урба санна Дала къобалдойла вайн массеран а г1урбанаш. Везачу Аллах1а ийманехь сов дохийла вай, бусалба динехь ч1аг1дойла вай. Амин.